11 стаг велла, 471 цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь т1аьххьарчу дийнахь-буса.
Оьрсийчуьрчу уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь коронавирусах велла 6 стаг, Краснодар-махкахь – 2, Нохчийчохь, Ставропол-махкахь, Кхарачой-Чергазийчохь – цхьацца. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, штабан терахьашца, 785 стаг.
Дийнахь-буса цомгуш хиллачийн а, юьхьанца дуьйна схьа а долу терахьаш иштта ду:
- Ставропол-мохк +84 (5225 за все время эпидемии)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 79 (3599)
- Дагестан + 65 (7905)
- Краснодар-мохк + 61 (6043)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 51 (5061)
- ГIалмакхойчоь +40 (1523)
- Адыгей + 37 (1935)
- ГIалг1айчоь + 22 (3069)
- Къилбаседа Х1ирийчоь + 22 (4028)
- Нохчийчоь + 10 (1723)
Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана уьнах цомгуш хилла, официало бахарехь, 40 111 стаг. Ерриг Оьрсийчохь - 654 405 стаг.