ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIизойчоьнан хилла президент дарбан цIийне кхачийна пневмоница


ГIиргIазойчоьнан хилла президент Атамбаев Алмазбек
ГIиргIазойчоьнан хилла президент Атамбаев Алмазбек

Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитетан талламан изоляторехь латтош хилла мехкан экс-президент Атамбаев Алмазбек шина а агIор пневмони ю аьлла, дарбан хIусаме дехьаваьккхина. Шен адвокатех цунна ун даьлла хила тарло аьлла, шеконаш ю урхаллан.

Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитето баржийначу хаамехь яздина ду, байначу беттан 29-чохь дегI дика дац шен аьллера Атамбаев Алмазбека, цул тIаьхьа COVID-19 юй хьожуш анализ эцнера цуьнгара. Тесто ун дац аьлла гайтира, тIаккха лоьраша, онлайн-консилиум вовшах а тоьхна, цунна диагноз хIоттийра "пехийн шина а агIор пневмони" ю аьлла.

Эххар а, Мангал-беттан 30-чохь стационаре дехьаваьккхира иза. Амма муьлхачу дарбан цIийне вигна, дуьйцуш дацара. Къоман кхерамзаллан кхеташонан комитето хаамехь яздира:

– Карладоккху, адамашца уьйраш лахъярхьама а, коронавирус ца яржийта а Iалашонца СИЗО-но хьесап дина, цхьанакхетарш а, нах тIеэцар а куьзганан дуьхьало а хIоттийна дIадахьа. ТIаьххьарчу кIиранчохь Атамбаев а, кхинболу адвокаташ а санна, адвокатах Жоошев Замирах веттавелла. Цо кехаташ карара кара лора.

Официалан хаамашца, Жоошев Замирца вирусан инфекцин симптомаш гучуевллера, цу тIе уллора уьйр хилла цуьнан Ысык-Атинскан кIоштарчу дарбан цIийнехь коронавирусан уьнах дарба деш волчу гергарчу стагаца а.

Слесарев Сергей
Слесарев Сергей

Оцу юкъанна, экс-президентан адвокатех волчу Слесарев Сергейс хаам бира, ша Iалашвечу Алмазбек Шаршеновичца цхьаьнакхетийла дац шен аьлла:

- Президентан а, министрийн кабинетан а гIуллакхашкахула йолчу клиникан дарбан цIийнехь ву Алмазбек Шаршенович. Цуьнца цхьаьнакхета аьтто ца боккху сан, оцу харцонца йохайо Конституци а, ша Iалашвечун тIекхача шен йолу бакъо а. Паччхьалкхо а, ГКНБ-но а, кхечу муьлххачу органаша сан аьтто бан беза, цуьнца цхьаьнакхетарехь. Хуьлийла и цхьа кастом, я скафандр, я хIуъа хилахь а, эшахь ас тIеюхур ю-кх и, цунна тIекхачитийша со. Бакъду, халахеташ делахь а, суна таронаш ца юьту.

Оцу юкъанна, Атамбаев Алмазбекан гергарчара дIахьедина, кхерамазаллин комитетан талламан изоляторехь шайна хаа а хууш, цунна ун далийтина хир ду аьлла. Цу кепара дIахьедар Фейсубкерчу шен агIонехь зорбане даьккхина цуьнан воIа Атамбаев Кадырбека.

Оцу сохьта цунна жоп луш, кIанта яздинарг бакъ дац аьлла, дIахьедина къоман кхерамзаллан комитето.

- ГКНБ-н СИЗО-хь белхахоша кхачам боллуш шайн декхарш кхочуш ца дарна, вирусан инфекци яьлла цунна бохуш, Атамбаевн доьзало ден дIахьедар бакъ дац. Цуьнгара дийлина зуламаш хьулдан хьийза уьш, цунах политикан тутмакх а вина, цхьана Iалашонца юкъаралла тила а йина, бехкзуламан гIуллакхаш политикан агIоне дерзорхьама.

Президент лаьттинчун могашалла талхарх цуьнан агIончаша дIахьедора хьалхо а. Делахь а, къайлахчу сервисаша хIетахь чIагIдора, "Атамбаев Алмазбек дикачу хьолехь ву, дийнахь а, буса а лоьраша шайн тергонехь латтош а ву иза" олий.

Жолдубаева Кундуз
Жолдубаева Кундуз

Экс-президентан агIончех йолчу цхьаммо Жолдубаева Кундуза иштта элира:

- СИЗО-н тIедахкарш тIех шога ду. COVID-19 вирус толлуш тест а йина, цуьнан жоп кхаьчначул тIаьхьа бен чу вуьтуш вац. Ткъа адвокато Жоошев Замира къамел дина Атамбаев Алмазбекца. Къоман кхерамзаллан комитето, шен адвокатех ун даьлла хила тарло цунна бохург, шайна тIера жоьпалла кхечунна тIететтар санна лору оха. Оха хьалхо а далхадора, Атамбаевн могашалла эшна йогIу, цунна комплексан дарба оьшу бохуш. Амма ГКНБ-с кхи дуьйцура тхоьга. Ткъа тахана, иза дарбан хIусаме охьавиллича, цхьана кепара хеттарш кхоллало. Тхо билгалдаккха гIерта, цуьнан могашаллех а, кхерамзаллех а жоьпалла хIинца долчу Iедална тIехь ду аьлла.

Стигалкъекъа-бутт бовш дийца даьккхира, омбудсмен Мамытов Токон СИЗО-хь хилла, экс-президентца Атамбаев Алмазбекца а, кхечу тутмакхашца а цуьнан цхьанакхетар а хилла бохуш. Бакъонашларъяохочо къамел динчу тутмакхашлахь хиллера экс-вице-премьер-министр Зилалиев Дуйшенбек а, экс-мэр Ибраимов Албек а, Нацэнергохолдинган хилла куьйгалхо Калиев Айбек а, иштта, экс-депутат Осмоналиев Каныбек а. ХIеттахь аьлла дара, могашаллех латкъамаш бина хиларх Атамбаев Алмазбека а, Осмоналиев Каныбека а.

Байначу беттан 26-чохь Бишкекерчу Первомайскан кIоштан кхело Осмоналиев Каныбек могашалла эшарца цIахь хан такха маьршаваьккхира. Цуьнан адвокато Токтосунов Шарабидина хаамбира, экс-депутатан дагар хьала а даьлла, доллу дегIан гIора эшнера бохуш.

Кулов Феликс
Кулов Феликс

Премьер-министр лаьттинчу Кулов Феликсна хетарехь, къевлинчу набахтешкахь латточийн могашалла лоьрийн леринчу тергонехь хила езаш ю аьлла:

- Низамашкахь аьлча, Атамбаев Алмазбекана мел оьшу хьелаш хIиттон дезаш ду дарбан цIийнехь. Мел хIуъа а дийцахь а, могIарера стаг ма вац иза, бакъ дуй и? Адамалла хила ма еза. Цуьнца пневмони елахь, дарба лелон деза, цундела лазартнехь хила а веза иза. ТIаккха цул тIаьхьа, шен хIусамехь кхин дIа а дарба леладе аьллехь, хIунда ца леладойту? Иза цхьана а метте водур ма вац. Амма, цкъа хьалха лоьрашца дагавалар оьшу.

Чуйскан кIоштарчу Кой-Таш эвлахь лерина операци дIахьочу хенахь лаьцна экс-президент Атамбаев Алмазбек ГКНБ-н СИЗО валийра.

Кой-Тошера хиламаш бахьана долуш, бехкзуламан гIуллакхш долийна кху артиклашкахь: "Стаг вер", "Цхьаъ вен гIортар", "Закъалтхой лецар", "Къепе йохор", "Хулиганалла", "Iедалан векална кхерам тасар я ницкъбар". Байначу беттан 23-чохь Бишкекан Первомайскан кIоштан кхело, криминалан авторитет Батукаев Iазиз бакъо йоцуш набахтера араваккхаран гIуллакх теллина дерзийра. Оцу тIехула набахтехь даккха 11 шой, ши буттий хан кхайкхийна экс-президентана Атамбаев Алмазбекна, цуьнан боллу бахам схьа а боккхуш.

Президент лаьттинчо а, цуьнан агIончаша а дIахьедо, дохку бехкаш бух боцуш а ду, политика бахьанехь тIаьхьабевлла цунна аьлла.

Материалан оригинал кхузахь: гIиргIазойн Азаттык Радио

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG