ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницца гIалин мэро аьлларг ца тайначу нохчаша аьрзнаш хьовсийна кхеле


Ницца гIалин мэр Эстрози Кристиан
Ницца гIалин мэр Эстрози Кристиан

Шаьш наркотикаш лелочу бизнесца дузуш къамел дарна Францерчу Ницца гIалин мэрана дуьхьал кхеле аьрзнаш хьовсийна цигахь бехачу нохчаша. Оцу хьокъехь журналисташка хаам бина оцу гIалин прокурора Боном Ксавьес.

"Шовткъе итт сов арз чуделла кхеле Нохчийн республикера схьабевллачу бахархоша Ниццан мэро Эстрози Кристиана динчу къамелана реза боцуш. Кхечу хьосташа бахарехь, 400 сов ду цу тайпа аьрзнаш", - аьлла прокурора, Le Parisien газето яздарехь.

  • Мангал-беттан 16-чу дийнахь Эстрози Кристиана, ша BFM TV телеканална интервью луш элира, "нохчаша наркотикаш йохка бакъо къуьйсу кхечу диаспорашца". Иштта довзийтира цо Францерчу Дижон гIалахь Мангал-беттан 12-15-чу деношкахь, нохчийн цхьана жимачу стаганна йиттича, нохчашний, Африкера схьабевллачу бахархошний юкъадоьлла дов.
  • Мэро елла комментари ца тайна нохчашна. Эстрозина критика еш вуно дукха видео-къамелаш даржийна социалан машанех пайда оьцучу наха. 3500 Францин вахархочо петици хIоттийна, мэро аьлларг кхечу кепе а дерзош: "Нохчий вовшахкхетта герз карахь долчу накотикаш юхкучу наханна дуьхьал, цара хIора денна бахархошна ен гIело лан а ца елла".
  • Мангал-беттан 23-чу дийнахь Ницца гIалин мэрин векалша нохчийн ассоциацийн куьйгалхой кхайкхира хилларг шайца дийцаре дайта. Амма цхьаьнакхетарехь Эстрози реза ца хилира ша аьллачунна нохчий къинтIера баха.
XS
SM
MD
LG