ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхеттачу нахах 15 стаг вочу хьолехь ву ГIалгIайчохь


ГIалгIайчуьрчу дарбан х1усамашка охьабехкинчу коронавирусо лецначу бахархойх 15 стаг реанимацехь, вон хьолехь ву, хаам бо цигарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо.

Дархойх цхьаъ шегга садаIалуш вац, хIуо латтош йолу аппарат хIоттийна цунна.

"169 стаг ву дарбан хIусамашкахь, царах 69-н тесто бакъдина уьш ун кхетта хилар, 15 ву вочу хьолехь, реанимацехь", - яздо РИА Новости агенталло.

  • Товбецан-беттан 2-чу дийнан информацица, 3088 стагехь карийна коронавирус ГIалгIайчохь. Дийнахь-буса велла цхьа пациент, ун хьакхаделла кхин а 19 вахархочух.
  • Верриг а коронавирусах велларг ву ГIалгIайчохь 69 стаг, шайлахь, масала, мехкан муфтий Мартазанов Iабдурахьман а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG