ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан хазна Айя-Софийа музей маьждиган статусе яла тарло кестта


Туркойчоьнан Лакхарчу административан кхело ладегIарш дIадаьхьна Стамбулера Айа-Софийа музей маьждиган статусе ерзоран хьокъехь.

Шина кIиранах билгалдала деза, хьалха а санна, музей хир ю и исбаьхьа гIишло, я маждиг дийр ду цунах.

Ехха хан ю туркойн лидер, таханлера президент ЭрдогIан Реджеп Айя-Софийана маьждиган статус юхаялаяйтарехьа волу. Официалехь административан кхеле (пачхьалкхан кхеташоне) дехар чуделларг ю махкара цхьа жима юкъаралла. Туркойн пачхьалкхан коьрте Ататюрк Кемал веъча, Айя-Софийах музей еш арадаьлла низам юхадаккхийта гIерта жигархой.

Византин императоран Юстиниан Хьалхарчун куьйга кIел лаьттинчу 6-чу бIешеран 30-чу шерашкахь йина и гIишло, эзар шарахь гергга лаьттина керстанийн уггаре йоккха килс а хилла.

1453-чу шарахь, османаша Константинопол яьккхича, маьждиг дина Айя-Софийах, гонаха йиъ момсар а хIоттош. Музей йина цунах 1934-чу шарахь. Дуьненан мехаллийн могIара яьккхина иза ЮНЕСКО-но 1985-чу шарахь.

Миллионаш туристаш лела Сийлахь Софийа ган. Масала, стохка цуьнга хьажна 3,7 миллион стаг.

Константинополан патриарха Варфоломей Хьалхарчо (Ортодоксан керстанийн хьалханчас) къобал ца до Айа-Софийа маьждиган статусе яккхар. "Оцу хийцамо халахетар дийр ду дерриг дуьнентIерчу, миллионашкахь болчу керстанашна, Малхбале а, Малхбузе а цхьаьнатухуш йолу Айя-Софийа бахьанехь галдер ду и ши дуьне", - аьлла патриарха.

Сийлахь Софийа музейн статусехь йитар доьхуш, кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, яздо Reuters агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG