Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса 6 стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла кхин а 534.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативаш штабан хаамца, кхо стаг велла Дагестанехь, шиъ – Краснодар-махкахь, цхьаъ – ГIалмакхойчохь. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг ву 800 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а Къилбаседа Кавказехь уьнах цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
- ГIалмакхойчоь + 122 (1839)
- Ставропол-мохк + 73 (5391)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 62 (3730)
- Адыгей + 58 (2039)
- Дагестан + 57 (8025)
- Краснодар-мохк + 57 (6159)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 48 (5157)
- ГIалгIайчоь + 24 (3112)
- Къилбаседа Х1ирийчоь + 21 (4070)
- Нохчийчоь + 12 (1748)
1 275 стаг цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь коронавирусах. Товбецан-беттан 3-чу дийнан Оперативан штабан статистико гайтарехь, 667 883 стаг ву ерриг а Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хилларг.