ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь вийначун хьокъехь ши стаг лаьцна. Ший а Нохчийчуьра веана хилла


Умаров Мамихан

Нохчийчуьра политикан мухIажар Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна. "Кавказ.Реалиига" бина цунах лаьцна хаам Европерчу цхьахйолчу диаспорерчу хьостано.

"2002-чу шарахь веана хилла 47 шо долу Ахтаев Европе, ткъа Магомадов 2004-чу шарахь. МухIажарийн статусехь вара и ший а. Билггал хууш дац, Нохчийчуьрчу Iедалхошца уьш боьзна хиларх. Амма къаьстина, Хьалха-МартантIерачу антитерроран центрехь Магомадов болх бина хиларх", - аьлла, дийцина цо шен къамелехь.

Австрин хаамийн гIирсаша шеконашца шаьш лаьцначу цхьаннан цIе бен Iорайоккъхуш яц. Масала, Österreich газетано яздора, иза вийнарг Sar Ali A. Ву бохуш.

"Европерчу нохчийн Ассамбейно" хаамбарца, Венехь дIахIоттийна Умаровн тезет.

Шоьтан дийнахь Вена гIалина гена йоццучу Герсдорф-бай-Винехь вийра нохчийн блогер. Йоккхачу туьканахь вевзаш воцучо коьртах герз тоьхна хиллера цунна.

Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь. Цунна герз тоьхнарг хилла детин басахь йолчу машенахь. Полицино иза лаьцна Линц гIалахь.

"Нохчийчуьра схьаваьлла стаг ву герз диттинарг. Цо вийна Нохчийчуьра волу "Венера Анзор", – элира "Кавказ.Реалиига" Европерчу нохчийн диаспорийн векало.

Социалан машанашкахь а, ша интервью луш а Умаровс дуьйцура, ша мехах цхьацца къайлах операцеш дIаяьхьна хиларх лоций. Цо ша чIагIдарехь, Ичкерин полицехь болх бина хилла иза. Шен YouTube агIонехь цо яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.

  • Дагалаца догIу Швецехь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчийн блогерна Абдурахмановна кIело яр, жIаьвнаца тIелеттачу стага чевнаш яр. Амма Абдурахмановн аьтто белира тIелеттарг сацо а, иза полицин каравала а. Стохка Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра Абдурахмановна.
  • Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра Алиев Iимран ("Мансур-Къано" - "Мансур Старый"). 135 чов йинера цунна урс диттина. Меттигерчу полицино иза верца доьзна шеконе эцна ву цкъачунна вовзуьйтуш воцу "Нохчийчохь веха Оьрсийчоьнан вахархо".

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG