Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а пхи пациент велла коронавирусан инфекцица хилла, кхин а 380 стагаца ун къаьстина.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла шиъ, Ставрополан кIоштахь а, ГIебарта Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а кхелхина цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь 819 дархо велла COVID-19 вирусах.
Къаьсттина дукха бу коронавирусан ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 80 стаг:
- Ставрополан кIоштахь +80 (5 649 ву эпидеми гучуяьлчхьана)
- Краснодаран махкахь+ 60 (6 340)
- Дагестанехь + 52 (8 184)
- ГIебарта-Балкхаройчохь + 46 (5 297)
- Кхарачойн Чергазийчохь + 33 (3 850)
- ГIалмакхойчохь+32 (1 947)
- Адыгейхь + 27 (2 121)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 21 (4 135)
- ГIалгIайчохь + 15 (3 169)
- Нохчийчохь+ 14 (1 786)
Шаверриг а COVID-19 ун даьлла ву Къилбаседа Кавказехь 42 482 стаг. Оперативан штабо кIиран суьйранн довзийтинчу зерашца йоллу Оьрсийчохь бу коронавирусаца 687 862 дархой.
- Масех де а ду Ставрополан кIошт хьалхара йолу ун токху нах алсам хиларца. Кхул хьалха ГIалмакхойчоь яра эпидемино сийсош.
- Федералан штабан статистика кест-кеста бIостане нисло Росстатан а, регионаша а довзуьйтучуьнца. Зераш дагардаран методика тайп-тайпана хилар ду иза боху хьаькамаша.