ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхой а, терроризм а бакъярна бехк тIехь бити Нохчийчуьрчу вахархочунна


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

ГIаттамхойн могIарш дузарна а, терроризм бакъярна а аьлла, Нохчийчоьнан вахархочунна Арсанухаев Эйдина набахтехь даккха тоьхна бархI шо хийцам боцуш дитина тIеман Апелляцин кхело. "Кавказский узел" агенталло яздарехь, Зазадокху-беттан 19-чохь Ростоверчу тIеман кхело шогачу хьелашкахь даккхийта 8 шо хан туьйхира Арсанухаевна, шен юьртахой "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIаршка ийзарна. Иза бехкехилар тIечIагIданза дисира, иштта могушалла ледара йолуш а хиллера иза аьлла, дIахьедира цуьнан адвокато.

Москван кIоштарчу Апелляцин тIеман кхеле латкъамбинера Арсанухаевн адвокаташа, амма цара а бехкехилар тIехь а дуьтуш, Къилбан федералан кхело бина сацам хийцанза битина.

Хьалхо Арсанухаевн нанас Гунашева Табарика дIахьедира, шен кIантана тIехь ницкъ барх. "Буьйсанна дIабуьйлабелла уьш, сахиллалц балехь латтийнера цара сан кIант. Кхетамчуьра ваьлла хилла иза, дарбан цIийне вуьгучу хенахь а тилкхазваьлла хиллера", - аьлла, дийцина нанас "Кавказский узел" агенталле.

Кхелахойн версица, 2017-чу шарахь шен юьртахошна видеоролик гайтина хилла цо даIишхойх лаьцна, цара лелочунна резаволчу агIор комментареш а еш. Ткъа 2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь цхьахволчу юьртахочунна даIишхойн могIаршка хIотта марздеш хилла цо, церан хьалханчана ваIда а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG