ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра той хIиттон хIусамаш болх бан йолалуш ю


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Коронавирусан эпидеми бахьанехь болх бечуьра совцийна той хIиттон хIусамаш юха схьаеллийта дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "ВКонтактерчу" шен пена тIехь бина цо иштта хаам.

"Социалан дистанци ларъеш, ловзарш хIиттон банкетан хIусамашка болх болабайта сацам бина ас, махкара бакъхьара динамика чоьте а эцна. Оцу гIишлошкахь стоьлаш а, охьаховшу меттигаш а нийсса ах лахъян еза", - яздина Кадыровс.

Цо бахарехь, тIаьххьарчу буса а, дийнахь а республикехь 9 стагаца къаьстина коронавирусан инфекци. "Карарчу хенахь 550 стаг ву цомгаш. Эпидеми яьржичхьана ун даьллера 1 795 стагана, царех 1 220 пациентана дарба хилла", - аьлла, дийцина Кадыровс.

Хьалхо дIахьедира мехкан куьйгалло, коронавирус бахьана долуш тоьхна дозанаш лахдеш кхоалгIачу муьре дерзарх. Доккхачу декъанна, изоляцин раж а, регионехула дIасалеларна тоьхна дозанаш а юхадаьхна. Иштта болх болийна кафеша а, хьешийн хIусамаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG