ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан мухIажарш Европехь байъарна дуьхьал митинг дIаяьхьна Венехь


Венера митинг
Венера митинг

Европехь нохчий байъарна дуьхьал дуьхьалонан акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто дийцарехь, 70 гергга стаг гулвеллера митинге. Цара тIедожийра, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедал емал деш болу нохчий кхел йоцуш байъар сацадар. Оьрсийн а, немцойн а меттанашкахь "Тхо аша кхерор дац" тIеяздина, плакаташ дара митингхойн карахь.

Венехь хIоттийначу акцин декъашхой
Венехь хIоттийначу акцин декъашхой

Венехь беха нохчий боцурш а, акцехь гулбеллера Австрин бакъонашIалашъяран организацийн векалш а. Къамел динчерах волчу Австрин жигархочо дIахьедира, "доллу дуьненахь нохчийн диссиденташ байъарна Кремл ю бехке" аьлла.

"Умаровн ваша вийра, ткъа цуьнан нанна ницкъбинера, дуккха а Iохкучу декъашна юккъехь хьайн кIант схьалаха бохуш. Шуьга массаьрга а хаттар ду сан: аш хIун дийр дара Умаровн метта хиллехь? Шена хетарг дIааьлла стаг вен ца вогIу", - бохуш, дIахьедира митингехь йистхуьлучу йоIа.

  • Коьртах тапча тоьхна, вийра Умаров Мамихан кху беттан 4-чохь Вена гIалина гена доццуш. Ютуб-блог яра цо лелош, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а критика еш. Иза верна бехке ву аьлла хеташ лаьцна ву Нохчийчуьра схьаваьлла ши вахархо: Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а.
  • Пачхьалкхан Конституци Iалашъяран а, терроризмца къийсам латтон а урхалло и гIуллакх талла долийна хилар тIечIагIдина Австрин полицино. Цкъачунна талламчашна хууш дац иза веран бахьанаш, бакъду, политикан бух хиларх тешна бу уьш.
  • "Кавказ.Реалиино" хаттам бинчу Европерчу диаспоран векалша бахарехь, политикан эмигрант Умаров Мамихан вер тIаьххьара дац Кадыровн дуьхьалончашна дуьхьал лелочу зуламех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG