Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн Федералан министро Негаммер Карла дIахьедина, Умаров Мамихан веран хьокъехь сихделла таллам беш ду шаьш аьлла. "РБК-Украина" зорбан гIирсо яздо цунах лаьцна, oe24.at. ресурсах пайда а эцна.
"Тхайн Австрин лаьттан тIехь оха могуьйтур дац ницкъбар. Карарчу хенахь эвсара таллам бу дIахьош, иза вен хьажийнарг лохуш. Дерриг а кIорггера къастон дезаш ду, хIунда аьлча, арахьара конфликташ кест-кеста Австри чу кхоьхьуш хуьлу", - аьлла Негаммера.
Хьаькамо дийцарехь, низамаш хьоьшуш йолу радикалан тобанаш "шога шайн метта охьаховшор ю".
- Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан. Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь.
- Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
- Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
- Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.