ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 700 эзарал сов ду


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Оьрсийчоьнан 84 регионехь COVID-19 вирус кхетарца билгалваьккхина 6 562 стаг. Кхин а цхьа де хьалха тIекхеттарг вара 6 368 пациент. Пачхьалкхехь верриг а ун даьллар ву - 700 792 дархо.

Иштта тIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь велла уьнах 173 пациент. Ткъа верриг кхелхинарг ву 10 667 вахархо. Цхьана дийнахь а, буса а цамгарх дIацIанвелла 8 631 дархо. Ткъа эпидеми яьржичхьана гIоле хилла 472 511 стагана.

ТIаьххьарчу цхьана дийнахь коронавирусан ун даьлла нах совбовларца билгалъяьхна регионаш:

Москва — 621 (верриг а 226 795),

Санкт-Петербург — 295 (26 389),

Ханты-Мансийн го — 268 (11 14I),

Свердловскан кIошт — 263 (14 792),

Иркутскан кIошт — 240 (9 225).

Кху беттан 4-чу дийнахь дIахьедира, дуьненахь коронавирусан инфекци хьакхаелла нах 11 миллионал а сов бу аьлла. Iаламат дукха бу вирус кхетта нах Американ Цхаьнатоьхначу Штаташкахь (2, 9 миллион), Бразилехь (1, 6 миллион), ХIиндойчоь (742 эзар). 4-чу меттигехь ю Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG