Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а 7 пациент кхелхина коронавирусан уьнах. Цомгашчарна тIекхетта кхин а – 324 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан информацица, Дагестанехь а, Страврополан кIоштахь а велла - кхоккха, ГIалгIайчохь – цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах кхелхина 838 дархо. Керла ун даьлларш къаьсттина дукха бу Ставрополан кIоштахь - 83 стаг:
- Ставрополан кIоштахь+85 (5 813 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодаран махкахь+ 61 (6 460)
- Дагестанехь + 48 (8 280)
- ГIебарта Балкхаройчохь + 45 (5 388)
- ГIалмакхойчохь + 40 (1 987)
- Кхарачой-Чергазийчохь + 37(3 919)
- Адыгейхь + 22 (2 167)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 20 (4 175)
- ГIалгIайчохь + 20 (3 205)
- Нохчийчохь + 6 (1 801)
Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирусаца билгалваьккхина ву 43 139 пациент. Оперативан штабан кхаарин дийнан зерашца, Оьрсийчохь ву COVID-19 ун даьлла 700 792 вахархо.
- ТIаьххьарчу кIиранах Ставрополан мохк хьалха бу цомгаш нах дукха хиларца. ГIалмакхойчохь алсам бара кхул а хьалха.
- Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.