ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан телехьожийлехь "бозбунчаллаш" леладайтинчу зудчуьнгара бехкаш даьхна


Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфиран скриншот
Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфиран скриншот

Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан полицин декъехь бехкаш даьхна меттигерчу яхархочуьнгара, 2016-чу шарахь бузбунчаллаш лелочу зудчух кхетарна. Цунах лаьцна сюжет гайтина нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь.

Гуьмсерчу Мадагова Малкана дийцина, шен марера йоI ца йохийта гIерташ ша лелийначух. Репортажехь гайтина, эчиган догIанца Малканан йоьIан а, невцан а къоьвлина суьрташ. Иштта, кхиндолу суьрташ тешца тегна дара жIаран кепехь корта а, дегнаш а долчахь.

Динан медицинан центран говзанчас Раджапов Рамзана дIахьедина йоьдучу эфирехь, цу кепара "Iаьржа маги" зудчун а, майрчун а барт чIагIбеш лелош яц, мелхо а, царна зен деш, лечу хьоле бохуш до аьлла.

"Кху сурта тIехь гIодаюкъах а, когех а даьхна мехий ду. Стаг вен Iалашонца лелош хIума ду иза", - аьлла Iеламчас.

"ХIара стаг (тегна сурт а гойтуш) вехкийтина ахь массо а кепашкахь. ХIинцца оха хьала а гIаттийна, КъорIан дешча, къаьстина, иза (маги бахьана долуш) цомгаш хиллийла. Къа дац цуьнан? ХIокху сурта тIехь йолчу хьайн йоIах къа ца хета хьуна?", - хоьтту сюжетехь исламан центран белхалочо.

Мадаговас жоп делла, ша йоI а, нуц а ден Iалашонца лелаш яцара, дикачу ойланашца хьийзара ша аьлла.

Эфирехь динан Iилманчас КъорIана юкъара сура дешначул тIаьхьа, вон хиллера Мадагова Малканан йоIана.

Зудчо шена гечдар дийхира, кхул тIаьхьа цу тайпа хIуммаъ а лелор дац ша аьлла, чIагIо а еш.

  • ТIаьххьарчу шарахь "Грозный" телехьожийлехь масех репортаж гайтира бозбунчаш лелорна дохкобевллачу зударех лаьцна. Цу кепара лелар, тоталитаран режиман тоьшалла ду аьлла, дIахьедира бакъонашларъярхоша.
XS
SM
MD
LG