ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саутиева Зарифа кхин а кхаа баттахь лаьцна юьтур ю


Саутиева Зарифа

Магасехь хиллачу протестийн декъашхо Саутиева Зарифа Гезгамашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц чохь юьтур ю. Цу кепара сацамбина тахана Ставрополан кIоштан кхело аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале цуьнан адвокато Дзугаев Билана.

"Зуламан гIуллакхан 95 процент материалаш зийна оха Стигалкъекъа-беттан юккъехь. Кхин а цхьа де оьшура тхуна, уьш листина довла. Суьдхочо ши кIира дехнера талламчашка, тхоьга доллу кехаташ дешийта. ХIетте а, кхаа баттана дIаяхъйина цуьнан хан", - аьлла адвокато Дзугаевс.

Оцу юкъанна, дахначу оршотан дийнахь Дзугаевн латкъам листинчу ПхоьалгIачу кассацин кхело мукIарло дира, Саутиева лаьцна латтор низамехь дац аьлла. Иштта, нийса дац 2020-чу шарахь иза лаьцна латтор а аьллера кхело.

Дзугаевс билгалдаьккхина, массо а сацамашна латкъам бан дагахь ву ша, цунна догIу компенсаци а тIе а дожош аьлла.

  • Нохчийчоьнца дозанаш билгалдохуш бинчу бертана дуьхьал бевллачийн протестехь Магасехь дакъалецира Саутиевас. Иза бехке йо, цигахь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна а, экстремистийн юкъараллехь дакъалоцуш хиларна а. Лаьцна ю Саутиева стохка Товбеца-беттан 12-чу дийнера схьа дуьйна.
  • 2019-чу шарахь Зазадокху-беттан 6-чохь Магасерчу митинге велира 10 эзар гергга меттигера вахархо. Нохчийчоьнца дозанаш къасторна реза бацара уьш. Ши эзар гергга протестхочо буьйса яьккхира майданахь хIоттийначу митингехь. Iуьйранна уьш дIасабохо кхаьчначу полисхошца тасадаларш хиллера церан.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG