ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу полицино Нохчийчуьра ши омонхо лаьцна. Зуламаш дан кечвеллера, боху и шиъ


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Украинан къоман полицино Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна, шайн пачхьалкхехь къиза зуламаш лело Iалашо хилла церан аьлла. Киеверчу вайнехан диаспоран векало бина цунах лаьцна хаам "Кавказ.Реалиига".

Цо дийцарехь, кху шарахь карантин кхайкхаяле веана хилла и шиъ Украине. Оцу пачхьалкхехь вехачу кхечу кавказхочо аьлла, лаьцначех цхьаъ Чичаев Iела ву, шолгIаниг ву Айдамиров Валид. Нохчийчохь лерринчу операцешкахь дакъалаьцна а ву и шиъ, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан юкъа йогIучу ОМОН-ан декъехь.

Украинин къоман полицино шен сайта тIехь а бакъдина и шиъ лацар: шайн пачхьалкхера аравоккхуш сацам бан гIерта уьш.

Украинин низамашца, шайна ца оьшу кхечу мехкан вахархо араваккха бакъо ю миграцин я дозанхойн урхаллан, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан я къайлахчу сервисийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG