ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь нохчо верна "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх бен къайлаха сервисаш" бехкейина Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Австрехь Нохчийчоьнан вахархо "Венера Анзор" аьлча дика вевзаш хилла Умаров Мамихан верна, "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх бен къайлаха сервисаш ю бехке" аьлла, хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Царна тIехь ду кху шеран Чиллан-баттахь Францехь нохчийн блогер, "Мансур Старый" цIе лелош хилла Алиев Iимран вер а, боху цо.

Кадыровс дийцарехь, иза тешна ву, ша стаг верна бехке ву бохуш, йийца яьккхина верси, шеца гамо йолчу информацин машано арахецна хиларх.

"Псевдопатриотизман идейш тIехь ахча доккху Венера Анзор а, Старый Мансур а, кхинболу блогерш а, Оьрсийчоьнна а, доккхачу декъанна, суна дуьхьал а болх бечу къайлахчу сервисаша лелийна а бу, цара хIаллакбеш а бу. Царна хаьа, Оьрсийчоьнан дозанаш ас а, сан тешамечу тобано а лардеш дуйла. И ду царна цатовриг", - аьлла, яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, къайлахчу сервисашна хаьа, "иттаннаш шераш дIадаханехь а, нохчийн, сий дойуш динчу къамелах жоп доьхуш, Iедал дуй. Цундела цара кхуллуш бу блогерш, тIаьхьа хIаллак а бо уьш, боху Кадыровс.

"Ма хила тайнигаш, шайн доьзалан дола де. Ца дахь, иштта хир бу шун кхоллам а, ткъа бехкаш Кадыровна а, цуьнан командина а дохкур ду", - яздина нохчийн куьйгалхочо шен аккаунтехь.

  • Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан. Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь.
  • Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
  • Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
  • Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG