ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Washington Post : мехах киллерш а лоьцуш, хIаллакбеш бу нохчийн диссиденташ


Washington Post газета
Washington Post газета

«The Washington Post» газето шен агIонехь артикл арахецна, мехах киллерш а лоьцуш, нохчийн диссиденташ хIаллакхбарх лаьцна. Цуьнан авторна «The Washington Post» газетан Москварчу бюрон куьйгалхочун Диксон Робинна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна а критика ечу Нохчийчуьра схьабевллачу бахархошна тIаьхьабевлла бу уьш.

Ша зорбане яьккхинчу материалехь журналисто цхьаьнатоьхна байъина болу "нохчийн махкахбаьхнарш" Британехь дIовш деллачу Оьрсийчоьнан эпсарца Скрипаль Сергейца а, Литвиненко Александрца а.

"Цхьана йоккхачу схемин дакъа ду кхечу пачхьалкхашкахь Оьрсийчоьнан бахархошна кIоршаме тIелетарш дар", - аьлла, хета Диксонна. Царца хьахош ву цо Дохехь вийна Кадыровн мостагI Яндарбиев Зеламха а, Стамбулехь вийна Эдильгериев IабдулвахIид а, Германехь вийна Хангошвили Зеламха а.

ФСБ-н агенташ бу оцу зуламашна бехке, боху цу материалан авторна Робинан. Иштта, шен публикацехь яздина журналисто Украинехь хIаллакбинчу цхьа могIа нохчех лаьцна а.

Диксон Австралера ю, 40 шо ду цо журналистикехь болх бен. 2019-чу шарахь дуьйна ю иза «The Washington Post» газетан Москварчу бюрон куьйгалхо.

XS
SM
MD
LG