ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш лелош видео тIехь гучуваьлла ГIалгIайчоьнан депутатан кIант


ГIалгIайчоьнан парламентан гIишло
ГIалгIайчоьнан парламентан гIишло

Можачу басахь сорса хIума дIахьарчочу жимачу стагах яьккхина видео яржийна гIалгIайн "Главком РИ" Телеграм-канало. Блоган авторша чIагIдо, ГIалгIайчоьнан парламентан депутатан Алиев Микаилан кIант ву иза, ткъа цуьнан тIоьрмиг чохь ерш наркотикаш ю бохуш.

Зорбане яьккхинчу видео тIехь, хетарехь, Алиев Алихан ву телефонехула, шен карара хIур муха листа еза хьоьхучуьнца къамел деш, массарна а хезаш.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакхой дуьхьал хилла депутатан кIантах лаьцна динчу хеттаршна жоьпаш дала. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь Алиев лацарх информаци яц.

Дагадоуьйту, стохка Лахьан-баттахь дийца даьккхира, гIалгIайн антинаркотикан "Антилирика"боламо масийттазза Алиев лацарх лаьцна. Хаамийн гIирсашкахь яздарца, цхьа кила героин хиллера жимачу стагехь иза цкъа лаьцначу хенахь. Цул тIаьхьа оцу ситуацина юкъагIоьртинчу цуьнан дас дIахьединера, "кIант Iехавелла хиллера, кхул тIаьхьа цу тайпаниг долуьйтур дац шегара" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG