ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь вийначу Умаровн мухIажаран статус хиллера, амма цунах ваьккхинера иза


Умаров Мамихан (Венера Анзор) ютуб-каналан скриншот
Умаров Мамихан (Венера Анзор) ютуб-каналан скриншот

Кху беттан 4-чохь Австрехь вийначу политикан эмигрантан Умаров Мамиханан (Венера Анзор) 2007-чу шарахь дуьйна мухIажаран статус яра, амма тIаьхьо ваьккхинера иза цунах. Иштта хаам бина тахана, еарин дийнахь, Лахарчу Австрин полицин урхаллан векало Баумшлагер ЙохIана.

"2007-чу шарера схьа дуьйна Австрехь вехаш вара 43 шо долу вийнарг, мухIажаран тховкIело а елла. Амма цу статусах ваьккхира иза миграцин гIуллакхашкахула йолчу хьукмато. Оцу сацамна латкъамбинера Умаровс Федералан административан кхеле", - аьллачу полицин векалан дешнаш далийна ТАСС агенталло.

Баумшлагера бахарехь, шеконашца лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо а тховкIело йоьхуш а, мухIажаран бакъо йолуш а хиллера.

"Церан бакъо ю тховкIело еха. Миграцин гIуллакхашкахула йолчу хьукматан дIахьедарца, цаьргара а дIаьяккхинера мигрантийн статусаш, цара а арз динера цу тIехула Федералан кхеле", - аьлла, билгалдаьккхина Баумшлагера.

Полисхочо иштта дIахьедина, хила тарло Умаров цхьаммо вен кхайкхийна а, тарло иштта, девнна тIехула вийна а.

" Конституци Iалашъяран а, терроризмаца къийсам латточу а регионалан урхалло хIинца къастонза ду, иза веран бахьана. ХIунда аьлча, иза вийна аьлла, шеконашца лаьцначо дуьйцуш хIума дац", - хаамбина Баумшлагера.

  • Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан. Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь.
  • Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
  • Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
  • Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG