ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах 8 велла, ун даьлла кхин а 382 стагана


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан инфекцех велла 8 дархо, кхин тIе а цомгаш хилла – 382 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо еллачу информацица, Дагестанехь велла 4, Ставрополан кIоштахь – 3, Нохчийчохь – 1 пациент.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхинарг ву COVID-19 вирусах – 846 пациент. ТIаьххьарчу информацциа, къаьсттина Ставрополан кIоштахь дукха бу ун даьлларш – 79:

  • Ставрополан кIоштахь +79 (5 892 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран махкхаь + 63 (6 523)
  • Дагестанехь + 47 (8 327)
  • ГIебарта Балкхаройчохь + 45 (5 433)
  • ГIалмакхойчохь + 41 (2 028)
  • Кхарачойн Чергазийчохь + 38(3 957)
  • ГIалгIайчохь + 23 (3 228)
  • Адыгейхь + 20 (2 187)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 18 (4 193)
  • Нохчийчохь + 8 (1 809)

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла 43 521 стагана. Оперативан штабан еарин дийнахь довзийтинчу зерашца, йоллу Оьрсийчохь 707 301 дархо ву COVID-19 вирус кхетта.

  • ТIаьхьарчу кIиранах Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца къастаелла. Кхул а хьалха сийсош яра ГIалмакхойчоь.
  • Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG