ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юьртахой реза хилла шайн эвла Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах хилийта


Нурмагомедов Iабдулманап
Нурмагомедов Iабдулманап

Кху деношкхаь кхелхинчу Дагестанерчу Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах хир ю иза дIавоьллина Кироваул юрт. ТАСС агенталло Кизилюьртан кIоштан администрацина тIе а тевжина, бинчу хаамца, эвлара бахархой реза хилла шайн юьртан цIе хийца.

"Кироваулан бахархойн дехарца Кизилюртан кIоштан куьйгалхочо Шабанов Мохьмада кхеташо дIаяьхьира, Нурмагомедов Iабдулманапан сий деш, оцу эвлан цIе хийцарх дийцаредан. Иштта дакъалаьцна цу гуламехь Кироваулан юьртдас Хазиев Ильяса а, депутатийн корпусо а, юьртарчу къаноша а, кIоштан спортхоша а", - дийцина агенталле.

Гергарчу хенахь оьшуш долу кехаташ вовшахтоьхна, мехкан куьйгалле а, Дагестанан Халкъан гуламе а дIакхачор долуш ду. Манап хир ю тIейогIучу заманчохь юьртан цIе.

Карладоккху, спортхо, массех дуьненан чемпион-латархо кхиийна волу Дагестанера Нурмагомедов Iабдулманап велира карарчу беттан 3-чохь Москварчу дарбан хIусамехь.

ММА охьатохарх латарехь дуьненан чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да а, тренер а вара кхелхинарг. Коронавирус а кхетта, цо чолхене даьккхинера цуьнан дагаца хилла лазар. Москварчу дарбан цIийнехь, реанимацехь вара Нурмагомедов. Цигахь инсульт а лайра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG