ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузен мехаллашца къийсам чIагIбар тIедожийна Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьаькамашна тIедиллина, "экстремизман идеологашца а, Малхбузен мехаллашца" а бен къийсам чIагIбе аьлла. Оцу балхана тIехь Iуналла дан хIоттийна цо зорбан министр Дудаев Ахьмад, яздо "Кавказ.Реалиино".

"Шинарин дийнахь ас министрашца а, кIоштийн куьйгалхочшца а, ницкъаллийн структурийн хьаькамашца а кхеташо дIаяьхьна. Царна хьалха декхарш хIиттийна ас, экстремизман идеологашна а, Малхбузен мехаллашна а информацин дуьхьало латтон мел а эвсара некъаш лаха аьлла", - яздо Кадыровс "ВКонтактехь". Цо бахарехь, нохчийн къам "кхуьуш а, зазадоккхуш а хилар" ца тов цуьнан "мостагIашна".

"Айкхалла, эладита, харцдерг, пропаганда – и дерриг а церан коьрта герз хилла даьлла. Шайн сий, яхь, доьналла доьхкина цара Европан а, Малхбузенан а мехаллех, иштта шайна хетарг кхузахь а даржон гIерта уьш. Вайн Iалашо ю - вешан къона, хIинца а чIагIбелла боцчу кхетамца болу кегийрхой церан негативечу тIеIаткъамах Iалашбар", - билгалдаьккхина Кадыровс.

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан хьукматашкарчу хьосташа "Кавказ.Реалиига" далхорехь, мехкан Iедалхоша тIедожийна царна, социалан машанашкахь жигара хилар а, республикех лаьцна мел яздечу вочунна бухахь позитиве комментареш язъяр а.

Зорбан министралло дийцарехь, хIинцале а цхьанакхетарш хилла министран Дудаевн цхьайолчу редакцешца. Цо дийцина, социалан машанашкахь "Нохчийчоьнах дикачу агIор дуьйцуш хила деза" аьлла. Республикерчу кхечу хьукматашна а тIедиллина изза декхарш.

"Юьхьанца дийца даьккхира, экстремизмана а, Малхбузен мехаллашна а дуьхьал" журналистех лаьатта комисси вовшахтоха еза бохуш. ТIаккха а, ойла хилира цуьнца собар дан", - аьлла, дийцина кхечу хьостано.

Стохка бIаьста Кадыровс омра динера "Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а дуьхьал долийначу идеологин тIелетаршца къийсам чIагIбе аьлла. Ши бутт хан еллера цо, и кхочушдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG