ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу зерашца: 6 велла, ун даьлла 380 стагана


Дагестанера дарбан хIусам
Дагестанера дарбан хIусам

ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь 6 пациент велла коронавирусан ун токхуш хилла, кхин а 380 стагана вирус кхетта.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо Iорадаккхарца, Дагестанехь кхелхина кхоъ, Ставрополан кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 852 дархо.

Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлларш Ставрополан кIоштахь – 83 стаг:

  • Ставрополан кIоштахь +83 (5 975 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран махкахь + 66 (6 589)
  • Дагестанехь + 47 (8 374)
  • ГIалмакхойчохь + 45(2 073)
  • ГIебарта Балкхаройчохь + 44 (5 477)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 31(3 988)
  • ГIалгIайчохь + 25 (3 253)
  • Адыгейхь + 18 (2 205)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 209)
  • Нохчийчохь + 5 (1 814)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун даьлла 43 901 меттиг бу. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан пIераска довзийтинчу зерашца, 713936 дархо ву.

  • ТIаьхьарчу кIиранах Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца къастаелла. Кхул а хьалха сийсош яра ГIалмакхойчоь.
  • Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG