ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь полисхоша лаьцначу депутатан Белхороевн цIийнах хьоьвсина


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

ВуьрхIийтта миллион ахча лачкъийна аьлла, шеконашца кху беттан 10-чохь лаьцначу ГIалгIайчуьрчу Халкъан гуламан депутатан Белхороев Якъубан цIийнах хьоьвсина полисхой. ТАСС агенталло, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьостана тIетевжина, бинчу хаамца, депутат лоцучу дийнахь Сурхо-Хитӏехь дIадаьхьна талламаш бар.

Москвара бахкийтинчу полисхоша кхочушбина талламан а, оперативан а барамаш, яздо "Интерфакс" агенталло. Оцу юкъанна, полици БелхороевгIеран цIийнах хьаьжна ца Iаш, цуьнца лаьцначу цуьнан машенлелочун хIусаме а бахана хилла. Цул совнах, Сурхо-Хитӏерчу кхин а цхьа могIа цIеношкахула талламаш бина пIераскана дийнахь.

"Интерфаксо" иштта билгалдоккху, Белхороев Москва дехьавоккхур волуш ву аьлла.

Хьалхо ГIалгIайчуьрчу Талламан комитето дIахьедира, Белхороев лацарх, гергарчу хенахь цуьнга бехкаш кховдор долуш ду, боккхачу барамехь бюджетера ахча дайъарна аьлла.

БатIалхьажойн динан цхьанатохараллан цхьахволу лидер ву Белхороев. Республикехь лоручу шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин кIентан кIант ву иза.

БатIалхьажошца дузу Москвахь экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан а ваша. Хьалхо оццу гIуллакхана бехкевина лецира Белхорев Якъубан вешин кIант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG