ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: тIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 уьнах велла 8. Цомгаш хилла 366 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина бархI пациент, вирус къаьстина кхин а 366 стагаца. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхоъ, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь шишша кхелхина, ГIебарта Балкхаройчохь цхьа дархо велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 вирусах 860 стаг. ТIаьххаьрчу информацица, Ставрополан кIоштахь бу вирус кхетта нах дукха- 79 стаг:

Ставрополан коштахь +79 (6 054 ву эпидеми гучуяьлчхьана)
Краснодаран махкахь+ 65 (6 654)
Дагестанехь + 48 (8 422)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 43 (5 520)
ГIалмакхойчохь+ 34 (2 107)
Кхарачой-Чергазийчохь + 29 (4 017)
ГIалгIайчохь + 27 (3 280)
Адыгейхь + 19 (2 224)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 15 (4 224)
Нохчийчохь + 7 (1821)

Верриг а COVID-19 вирус кхетта ву Къилбаседа Кавказехь 44 267 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь 720 547 дархо ву.

ТIаьххьарчу кIиранах Ставрополан кIоштахь алсамбуьйлу ун даьлла нах. Кхул а хьалха ГIалмакхойчохь лаьттира коронавирусца доьзна чолхе хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG