Чолхечу хьолан раж къайкхийна Нохчийчуьрчу пхеа кIоштахь, цIоз даржарна, яздо Regnum агенталло. Ялташна зене йолу са долу хIуманаш гучуевлла Гуьмсан а, Теркйистан а, Шелковскан а, Невран а, Грозненскан а кIошташкахь аьлла, дIахьедина мехкан юьртабахаман министраллан зорбанчаша.
Билгалъяьхначу кIошташкахь цIозах кIелхьараяха езаш ю дуганца а, хьаьжкIашца а, маьлхан хIушца а, иштта кемсех а йийна аренаш.
Карарчу заманчохь меттигерчу цIозаца ларош ду шаьш, амма кхерам лаьтта луларчу мехкашкара тIелатарна аьлла "Россельхозцентран" векало Темир-Алиев Асламбека.
Уггар хьалха кхераме лору Дагестан а, ГIаламакхойчоь а. Ерриг а Нохчийчохь зене са долу хӀуманаш йойъуш, 30, 6 эзар гектар майда дIацIанйина говзанчаша, леррина дIовш тухуш, кечдина молханаш а диттина.