Бакъо йоцуш герзаш лелош хилла аьлла, кхоллаеллачу шеконашца Дагестанерчу полисхоша виъ стаг лаьцна, хаамбина регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. "Новости" агенталло бина и хаам.
"Дагестанерчу ницкъахошка информаци кхаьчна хилла, Сулейман-Стальскан кIоштан а, Каспийскан а, иштта Нохчийчуьрчу шина вахархочо а бакъо йоцуш герз а, патармаш а, лоьлхуьйтурш а лело яьхна, иштта юкъарлонаш леладо герз оьцуш а, хуьйцуш а аьлла.
ДIахьединера, Нохчийчуьра Дагестане герз дIасалелон зуламан тоба вовшахтохарна а бехке хила тарло уьш аьлла", яздина инстаграмерчу шайн аккаунехь министралло.
Билгалдоккху, шоьтан дийнахь шеконаш эгначийн хIусамашкахула талламаш бина хилар а, цигара РГД-5 а, Ф-1 а гранаташ а, ТТ тапчанаш а, патармаш а, Калашниковн автоматан а, Макаровн тапчанан а меженаш а яхарх.
Чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло хаийтина, зуламхой лецна хиларх а, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна хиларх а.