ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 уьнах велла 11 дархо, вирус кхетта 401 стагана


Пятигорск, туьканахь
Пятигорск, туьканахь

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 11 дархо, ун даьлла кхин тIе а 401- стагана. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а кхоккха велла, Краснодаран кIоштахь а, Кхарачой Чергазийчохь а шишша кхелхина, Нохчийчохь цхьа дархо велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь уьнах кхелхина 871 дархо. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирус кхетта нах Ставрополан махкахь - 110 стаг:

Ставрополан кIоштахь̆ +110 (6 164 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран махкахь+ 67 (6 721)
Дагестанехь + 46 (8 468)
ГIебарта Балкхаройчохь + 42 (5 562)
ГIалмакхойчохь + 42 (2 149)
Кхарачой Чергазийчохь+ 27 (4 044)
ГIалгIайчохь + 22 (3 302)
Адыгейхь + 18 (2 242)
Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 240)
Нохчийчохь + 11 (1 832)

Къилбаседа Кавказехь верриг а лазар хиларца билгалваьккхина 44 668 пациент. Оперативан штабо кIиран дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь COVID-19 вирус къаьстина 727 162 вахархочуьнца.
Кавказехь ун даьллачийн терахь 400 стаге гIьртина юха а.

  • ТIаьхьарчу кIиранах Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца къастаелла. Кхул а хьалха сийсош яра ГIалмакхойчоь.
  • Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG