ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Римера Папа: Езачу Софиян ойла йо ас, боккха цатам хилла суна


Туркойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно музейн статус дIаяьккхина Айа-Софияна тIера

Римера Папас Франциска, ша халахетарца тIеэцна, Туркойчоьнан кхело Стамбулера Езачу Софиян килс музейн статусера яьккхар а, цунах маьждиг дан магош сацам бар а, аьлла.

Ватиканехь кIиранан хьехамаш ша беш, Франциска бохура: "Езачу Софиян ойла йо ас, боккха цатам хилла суна".

Понтификан дешнаша гойту, мел дукха адамаша тидаме эцна Туркойчоьнан Iедало бина сацам, иза мел жоьпалле гIулч ю.

Туркойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно (Лаккхара административан кхел) Товбецан-беттан 10-чу дийнахь дIакхайкхийна шен вердикт, ткъа Айа-София маьждиган статусе яккхарехьа волчу президента ЭрдогIан Реджепа хаам бина, кху беттан 24-чохь дуьххьара ламазаш дийр ду цу чохь, аьлла.

Килсийн дуьненаюкъарчу кхеташоно – 100 сов пачхьалкхера 350 керста килс йогIу цунна юкъа – сацам юхабаккхар доьхуш, кхайкхам бина ЭрдогIане. Ортодоксан керстанийн коьртехь волчу Константинополан патриарха Варфоломей Хьалхарчо а хаийтина хиллачо шена халахетар дина хилар.

Москван а, ерриг Оьрсийчоьнан а патриарха Кирилла а хаийтира хьалхо шена гIишлонехь музейн статус юьсийла лааар.

1500 шо гергга хьалха хIоттийна йолу Айя-София ехха заманашкахь лаьттина керста килс санна. 1453 шарахь, османаша Константинополь яьккхинчул тIаьхьа, маьждиг дина цунах. Музейн статус елла гIишлонна 20-чу бIешеран хьалхарчу декъехь – Туркойчоь таханлерчу хьесапе ерзийначу пачхьалкхан куьйгалхочо Ататюрк Кемал Мустафас.

Латта тIера хазанаш Iалашъечу ЮНЕСКО юкъаралло Дуьненан мехаллийн могIара яьккхира Айя-София 1985-чу шарахь.

ЭрдогIан Реджепа бахарехь, гIишлон неIарш йиллина хир ю бусалбанашна а, дуьнентIерачу массо а керстанашна а, амма Туркойчоьнан бакъо яра килсах маьждиг дан, аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG