ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчохь изоляцин хьал дIадахдина шина кIиранна


Коронавирусах ларлуш, изоляцин хаьл латтор ду ГIалмакхойчохь кхин а шина кIиранах – кху беттан 26-гIа дийне кхаччалц. Иштта хаам баржийна NEWS.ru ресурсо, уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан информацина тIе а тевжаш.

Мангал-баттахь республика пандемица доьзна тоьхначу дозанийн шолгIачу тIегIане елира. Схьайиллира базарш, урамашкара кегий туьканаш, болх бан юьйлаелира юкъара транспорт, хьешан хIусамаш, кхийолу цхьацца фирманаш.

  • Махкарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Товбецан-беттан 12-чу дийнахь-буса коронавирус хааелла кхин а 33 стагехь, верриг а цомгуш хилларг ву махкахь 2149 вахархо, товелла 1243, велла 27.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG