ТIаьххьарчу дийнахь-буса 5 стаг велла корнавирусах Къилбаседа Кавказехь, кхин а 339 цомгуш хилла.
Уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь кхелхина уьнах ши стаг, цхьацца – Ставропол-махкахь, Кхарачой-Чергазийчохь, Кранодар-махкахь. Коронавирусах юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь 876 стаг.
Дийнахь-буса а, пандеми яьржичхьана схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш:
- Ставропол-мохк+75 (6239)
- Краснодар-мохк + 64 (6785)
- Дагестан + 46 (8514)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 42 (5604)
- ГIалмакхойчоь + 33 (2182)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 21 (4065)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4256)
- ГIалгIайчоь + 16 (3318)
- Адыгей + 16 (2258)
- Нохчийчоь + 10 (1842)
45 007 стагах хьакхаелла Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ерриг а хена чохь. Оперативан штабо бахарехь, ерриг а Оьрсийчохь Товбецан-беттан 13-чу денна и терахь ду 733 699.