ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIера вахархо лаьцна «Лирика» молханашца


Наркотик шайца йолу молханаш даьхна БуьритIерачу 36 шо долчу вахархочуьнгара. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, низам а дохош, герзаш лелорна хьалхо таIзар текхна стаг ву лаьцнарг.

Талламо дийцарехь, БIуьритIерачу центрехь меттигерчу яхархочуьнга "Лирика"а, "Трамадол" а дIалуш лаьцна иза – лоьрера рецепт йоцуш ца духку и молханаш.

Низам а дохош, сов чIогIа ларалуш долу молханаш лелорна набахтехь яккха 3 шо хан тоха тарло лаьцначунна.

  • Хьалхо БуьритIехь лецира наркотикаш лелорна полицин урхаллера белхахо. Балхара вохийра иза.
  • Наркотикаш лелорца, йохкарца, эцарца доьзна 2020-чу шеран хьалхарчу 4 бетта чохь Къилбаседа ХIирийчохь полицино Iорадаьккхина 493 зулам – и терахь ду, стохкалерчу оццу хенаца дуьстича, 72 сов. Наркотикаш бахьанехь кхушеран хьалхарчу беа баттахь жоьпе озийна махкахь 303 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG