ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5-гIа бехктакхаман гIуллакх айдина Ставропол-мехкан министранна дуьхьал


Ставропол-махкахь гIишлошъяран а, архитектуран а министр лаьттинчу Когарлыцкий Алексейна дуьхьал рогIера дов айдина талламо – боккхачу барамехь кхаъ эцар. Талламан комитетан векалша "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, хьакамаллехь Iийначунна дуьхьал пхоьалгIа бехктакхаман дов ду хIинца айдинарг.

ДоьалгIачу девнехь а санна, бехк боьзна бу "Гипроздрав" фирмица – цунна аьттонаш латтош хилла Когарлыцкийс ша министран даржехь волуш, даьккхина цуьнан куьйгалхошкара 15,5 миллион сом.

Махкахь кардиологин диспансер еш цо лелийна харцонаш а гучуевлла Iедална.

"Гипроздрав" фирмина, цо лучу кхаьънашна дуьхьал, озабезамаш беш лелла министр, - элира "Кавказ.Реалиига" Талламан комитетан векало.

  • Когарлыцкий Алексей беа баттахь бен ца Iийна министран даржехь. Лецира иза регионерчу Iедалан кхеташо йоьдучу хенахь. Цунна бехкедо гIишлош яр «дохкар» а, дуккхаза а къаьънаш эцар а.
  • Когарлыцкий министран дарже хIоттале оцу меттехь вара Васильев Игорь. Иза кхело бехкевира махкахь некъаш бохкуш харцонаш лелорна, сацам бира набахтехь 5 шо такхийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG