ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 3 стаг велла, 283 цомгуш хилла уьнах дийнахь-буса


Pyatigorsk, Stavropol Territory, coronavirus, laboratory, mask / Пятигорск, лаборатория, маска
Pyatigorsk, Stavropol Territory, coronavirus, laboratory, mask / Пятигорск, лаборатория, маска

3 стаг велла уьнах дийнахь-буса, 283 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, коронавирусах велла Дагестанехь ши стаг, цхьаъ – Нохчийчохь. Къибаседа Кавказехь пандемин муьрехь верриг а велларг ву 879 вахархо.

Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:

  • Ставропол-мохк +64 (6303)
  • Краснодар-мохк + 62 (6847)
  • Дагестан + 46 (8560)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 41 (5645)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 19 (4084)
  • Адыгей + 17 (2275)
  • Къилбаседа Х1ирийчоь + 15 (4271)
  • ГIалгIайчоь + 10 (3328)
  • Нохчийчоь + 9 (1851)
  • ГIалмакхойчоь + 0 (2182)

Коронавирус яьржичхьана схьа цунах цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь 45 290 стаг.

  • Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG