ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн къоман цхьааллин комитет" дIакъовла сацам бина кхело


ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело шен сацамца дихкина "ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетна" болх бан. Оцу юкъараллин декъабогIура Нохчийчоьнца къастийначу дозанна резабоцу жигархой.

Сацаман хьокъехь иштта аьлла Кхеташонан декъашхочо, Магасехь стохка лаьттинчу гуламан жигархочо, "Фортанга.орг" порталан редактора Евлоева Изабеллас:

"ГIалгIайн къоман цхьааллин комитет" протестийн муьрехь ханна кхоьллина юкъаралла яра ГIалгIайчоьнан латтанаш лардан. Низамо магош йолу кеп яра цуьнан – яцара иза Iедало регистраци йина. Цуьнан декъашхоша мел дуьйцург дацара Оьрсийчоьнан низамашца гарадолуш. Цундела кхело бинчу сацамо хIумма а дац Кхеташонан декъашхошкара дIадоккхуш. Деккъа дIа кхерам тасархьама бина и сацам системо".

  • 2020 шеран Дечкен-баттахь прокуратуро арз хьажийра кхеле "ГIалгIайн къоман цхьааллин комитет" дIакъовлар доьхуш.
  • 2019 шеран Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь хIоьттира Магасехь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца доза къастош бинчу сацамна резабоцчу бахархойн гулам. Протестхоша мехкан куьйгалхочун дарж шегара охьадилла бохура хIетахьлерчу республикан лидере Евкуров Юнус-Беке. ШолгIачу дийнахь гулам бохо баьхкинчу полисхойх лийтира протестхой. Цул тIаьхьа Iедало лийцира дуккха а жигархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG