ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла: зуламаш кIезиг дечу мехкийн могIарахь шолгIаниг ю Нохчийчоь


2020-чу шеран 6 баттахь Оьрсийчохь уггаре кIезиг зуламаш дина регион ю Къилбаседа ХIирийчоь. Цул тIаьхьа йогIу Нохчийчоь. КхоалгIачу меттехь ю Тыва, йоьалгIа – Адыгей. Иштта статистика гайтина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, хаам баржийна ТАСС агенталло.

Ткъа зуламаш дар массанхьачул а марсадаьллачу мехкех ю Новгород а, Смоленск а. Кхуьуш ду зуламаш дар Чукоткехь а, Ивановохь а, ГIалгIайчохь а.

  • Хьалхо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас дIахьедира, Къилбаседа Кавказехь юкъарчу хьесапехь дечу зуламел вуно кIезиг до зуламаш ГIалгIайчохь, аьлла.
  • 2019 шо дерзале болчу беттанашкахь Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин векало Куренной Александра дIахьедира, Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а уггаре лакхара ду зуламаш кхиаран болар, аьлла. Оццу мехкийн могIарахь ехира цIерш ГIезалойчоьнан а, Адыгейн а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG