ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказерчу зудаберашкахь шаьлта тов". Гуьржийчоьнан тобанах дIакхеттачу ХIирийчуьрчу спортхочух


Гучмазова Майа
Гучмазова Майа

Гуьржийчуьрчу таррашца летачу тобан лидеро, шозза Европан совгIатхо яьллачу, БуьритIерачу Гучмазова Майас дийцина Кавказ.Реалиига ша дехьаяларан бахьанех а, хейтерша хьийзош хиларх а.

Коронавирусна юккъехула спорт

- Спортхошна пандемино гIело йира. Муха ларйо ахьа хьайн кеп?

- ХIора денна тренировкаш йо ас. Боксе а йирзина со, кIиранчохь кхоазза Iамораш хуьлу сан. Сайн ойла яр а, тактика а бен-берса хилийтархьама долийна ас и. Цу тIе, цхьатерра дIахIоттар а, когаш лелор а ду тхан цу спортан шина агIонехь. 18 шо а ду со спортехь йолу, цундела цхьа керланиг юкъадаккха, айса суо иракарахIотто лаьара суна. Бокс кардиотренировка санна хIума ду суна, суо Iехон Iалашонца карадерзон. Амма тур боксерийн каранех хийца дагахь яц со.

- Къилбаседа ХIирийчул кхачале хьалха еара коронавирус Гуьржийчу. Дукха хан яьккхирий ахь изоляцехь?

- Венгрехь дIадаьхьначу дуьненаюкъарчу къийсамашкара юхадирзира тхо Зазадокху-беттан 10-чохь. Ткъа 11-чу дийнахь со БуьритIехь яра. Эпидеми чуеача Тбилисихь нисъеллера. ХIинца кхо бутт хан ю-кх со цIахь йолу. Гуьржийчохь а санна, ХIирийчохь а Iаморашкахь ю со сайн дуьххьара хиллачу тренерца Кесаева Ириница. Бакъду, леррина Олимпиадана кечамаш ас Тбилисихь бийр болуш бу. Вуьшта, ловзаршкахь суо билгалъяккхийта, ас кехаташ кечдан деза лицензионан турнирехь.

- Лицензи йоцуш хьуо юьссур ю аьлла хетий хьуна?

- Цу кепара вариант сан коьртехь янне а яц. Рапирашца а, шпагашца а латаршкахь гоьбевлла лидерш бу, ткъа тхан могIарехь бац. Къийсадаларшкахь даим а хийцалуш ю совгIат лун кхо меттиг. Дуьненан чемпионаш а эша тарло турниран хьалхарчу муьрашкахь.

Дуьненаюкъарчу турнирашкахь цхьа спортхо тIекIел шозза тоьлаш ца нисло. Дубайхь леташ яра со цкъа Эстонерчу титул йолу Беляеваца. Со цецъюьйлура оццул гоьяьлла йолчу цуьнан эшамечу латарх. Цхьана турнирехь толам баккхар дукха хьолахь тренеро къастийначу тактикех доьзна хуьлу.

- Олимпиада тIедогIучу шарна аьлла, дIататтар муха тIийцира ахь?

- Суна мелхо а дика ду. Эстонерчу говзанчаца Чикинев Игорца болх бийр бу ас хIинца. Цундела тоъал хан хир ю сан, кхин тIе а кечам бан. Гуьржийн тренерца гIуллакх дIа ца дахара сан. Бахьана хила тарло, со тIех сов чарпе адам хиларна. Сан дуьххьара хиллачу тренеро Кесаева Иринас цкъа а тIе мохь ца хьокхура суна, Iаламат комфорте дара суна цуьнца болх бар. Цундела совнах кхин а цхьа шо, суна пайден хир ду.

- ТIаккха хьан чарпе хиларо новкъарло ца йо хьуна, фехтованин некъа тIехь, уггар а хьалха, собаре хила ма веза?

- Хала хеташ делахь а, таррашца латаран школа ледара ю вайн. Шайн темпераменте хьаьжжина, кавказхойн зудаберашкахь шаьлта товр яра. Шпага Iотта цхьан хан ларъян еза. Ткъа суна гуттар а тIелеташ хила лаьа. Цундела а, низамаш лардеш хила дезаш ду-кх хьал.

Гуьржийчоьнан тобане дехьаялар

- Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу командера Гуьржийчу дехьаяларан хIун бахьанаш дара?

-Гуьржийчу кхайкхийна ца Iаш, Азербайджан а, Узбекистан а цхьана яра со шайгахьа яла лууш. Ткъа со Оьрсийчоьнан тобан ботт юкъахь яра, ас жамIаш а гойтура, дехьаялар маьIне дацара. 2011-2012-чу а шерашкахь юниоран статусера ялар чолхе дара сан. Еххачу заманчохь толамаш боцуш йиссира со. Кхин а кхо шо делира, со вовшахтоьхначу тобане йоьрзуш а. Турнирашка сан дас йохуьйтура со, ахча а ша луш.

Гучмазова Майа
Гучмазова Майа

Цхьана къийсадарашка даха кечлучу хенахь сан коллегас провокаци йира суна. Мацахлерачух суна бекхам беш яра иза. Сайн ламанхойн амал тIаьххьалц сайгахь йита гIертара со. Амма цу дийнахь сан собар кхачийра. Оцу хиламех хиира сан тренерна а. Соьга ла а ца дугIуш, дуьхьалъелира иза, соьца болх барна. Сан сина Iаткъам хиллера. ГIуллакхаш а ледара дара сан. 2016-чу шеран Марсхьокху-баттахь Гуьржийчоьнан фехтованин федерацин президентан Базадзе Мерабан цIарах со дIакхойкхуш, кехат кхечира соьга. Массарех а дагаелира со: тренерца а, сайн деца-ненаца а, доттагIашца а. Цунах хинболчу пайдан а, зенан а ойла йора ас.

Москвахь "Динамос" петар елира суна ханна чохь Iен, алапа а хIоттийра, доккха дацахь а. Делахь а, оцу юкъанна со дIесалелаш яцара дуьненан Кубке а, Европан а, дуьненан а чемпионаташка а. Шозза Оьрсийчохь аьтто боцуш йиссича, со реза хилира Гуьржийчу дIаяха. Массарна а моьтту, со ахчанашца Iехийна. ХIан-хIа, иштта дацара иза. 1,5 шарахь а луш алапа а доцуш, хан яьккхира ас. Сан кхин интерес яра, фехтованин интерес.

- Къилбаседа ХIирийчоьнна даим а безаш бара гуьржийн спортхой. Олимпикан маьршачу латаран спортхой Хабелов а, Хинчегашвили а БуьритIехь шайн хета. Ткъа футболхой Шелия а, Кобиашвили а, Ашветия а, Деметрадзе а дагабоьхна бу. Хьан кхолламан кхин агIо ю: хIири йоьду Гуьржийчоьнан къоман командехь дакъалаца. Хьуна хууш дарий, хьайн дехьаялар емалдеш нах бевр буйла?

- Сан доьзалан бух Гуьржийчуьра бу. Денана а, ненайиша а, сан шичой а хIинца а цигахь бехаш бу. Цундела, Гуьржийчоь – суна хийра мохк бац, со кест-кеста кхочура цига хьошалгIа. ХIаъ, 1991-чу шарахь хиллачу политикан хиламашкахь зенаш хилла сан нахана а. Ткъа спортехь мостагIий бац, суна тахана коьрта хетарг – дуьненахь суо дIагайтар ду.

ХIора шарахь, Марсхьокху-беттан 8-чохь (2008-чу шеран Товбеца-беттан 8-чохь йолаелла гуьржийн-хIирийн конфликт – редакцин билгалдаккхар) сох лаьцна информаци яржайо социалан машанашкахь, ямартхо ю бохуш, бехкаш доху. Юьхьанца Iаламат лазаме тIеоьцура ас, бехказайийла а хьийзара, амма хIинца цу кепарчу тIелетаршна мел а синтеме ю со. Дукха хан йоццуш цхьана стага яздинера соьга, хьайн фамилина "швили" алий, тIетоха аьлла. Шога жоп дала дийзира сан цунна. Сан да а ву, ваша а ву, нагахь санна, соьгара цхьа ледарло ялахь, цара эр ду соьга цунах. Ткъа боллу спортхой кхеташ бу сох.

- Гуьржийчохь муха тIеоьцу хьо?

- Iаламат дика. Кхузахь ас даьккхинчу кхаа шерачохь сайгахь цхьа а негативе хIума цаьргахьара хааделла яц со. Цхьаммо а ца хьехадо со муьлхачу къомах ю а, ас цIе хийца еза олий, хьехарпш а ца до. "Рустави-2" телеканалерчу шун коллегаша йоьдучу эфирехь дакъалаца кхайкхинера со, оьрсийн маттахь соьца къамел а деш. Машенлелорхой , со хIири юй хиъча, хаза бистхуьлу соьга.

- Йоккхачу спортехь кхин а мел йисса дагахь ю хьо?

- Цкъачунна сан Iалашо – Олимпиада ю. 2020-чу шеран Ловзарш дирзинчул тIаьхьа командийн турнирашкахь дакъа а лоцуш, Гуьржийчоьнан вовшахтоьхна тоба кхолла бина барт бу тхан. Кхин а Олимпикан цхьана циклехь йисса лаам бу сан. Делахь а, хиндерг хуийла яц. Хьанна хаьа, ас доьзал кхоьллича, сан цIийндас йита спорт ала а тарло соьга.

- Доьзална а, Олимпикан лаамна а юкъахь къастам бан эшахь?

- Тхо, спортхой, дукха хьолахь, тхайн ойла ян хан йолуш а ца хуьлу. Даим а Iамораш, цхьанхьа доьлхуш-догIуш нисло тхо. Дукхахберш цунах ца кхета. Оцу хьелашкахь, йиш ца хьулу, планаш хIиттон а. Цундела, айса сайга дIааьлла ас, цкъачунна спорт ю коьртаниг. Цуьнан дуьхьа дерриг а дита а реза ю со.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG