Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 8 стаг, цомгуш хилла 302, боху уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан оперативан штабан терахьаша.
Ставропол-махкахь велла кхо вахархо, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь – шишша, Краснодар-махкахь – цхьаъ. Коронавирус яьржичхьана верриг а велларг ву Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, 887 стаг.
Дийнахь-буса уггаре дукха нах цомгуш хилла коронавирусах Ставропол-махкахь – 91 стаг.
- Ставропол-мохк +91 (6394 юьхьанца дуьйна)
- Краснодар-мохк + 65 (6912)
- Дагестан + 42 (8602)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 41 (5686)
- ГIалмакхойчоь + 38 (2220)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 25 (4109)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4287)
- ГIалгIайчоь + 16 (3344)
- Адыгей + 16 (2291)
- Нохчийчоь + 12 (1863)
Къилбаседа Кавказехь юьхьанца дуьйна коронавирусах цомгуш хилла, 1едалан статистикаца, 45 592 стаг, ткъа ерриг Оьрсийчохь - 746 369.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.