Къилба тIеман гонан кхело (Ростов) Товбеца-беттан 14-чу дийнахь бинчу сацамца, ши шо тохкур набахтехь Кхарачой-Чергазийчуьрчу 31 шо долчу Узденов Аскера.
Талламо бахарехь, ши шо хьалха цо социалан машанерчу шен агIоне хIоттийна хилла "терроризм бехказйоккху" видео.
Кхелехь Узденовс бехк буьззина тIеэцна шена, набахтин юкъарчу хьелашкахь такха ши шо кхайкхийна цунна. Ткъа бехктакхаман кодексо терроризм бакъйинчунна тухучу хенан доза ду 7 шаре кхаччалц.
- Хьалхо Ростоврчу кхело набахтехь даккха цхьа шо кхайкхийра оццу бехканна ГIалгIайчуьрчу Мержоев Жамболатна.
- 12 шо ду Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексе "терроризм бехказъяккхар" артикл йиллина (205.2).
-