ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ловзаршкахь герзаш кхийсарна дуьхьал вара иза"


Хорава Мариам

Полисхойх лечкъаш ву ГIалгIайчуьра вахархо, бутафорин герз духкучу туьканийн долахо Ведзижев Юнус. Бакъо йоцуш герз а деш, и духкуш ву аьлла, цунах шеконаш кхоллаелла. Ведзижевн гергарчара чIагIдо, цуьнан цIийнах хьовсучу заманчохь иза лазийнера, тIаьхьа тIемло ву аьлла. дIа а кхайкхийра аьлла. Ведзижевн хIусамнанас Хорава Мариама Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дIахьедина, ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центро Iаткъам барх а, доьзална кхерамаш тийсарх а.

- ХIусамах хьовса баьхкинчу заманчохь, жимачу коридор чохь волчу Юнусна герз тоьхнера цара, - билгалдоккху Мариама. – Цкъа тоьхна ца Iийра, секундехь масийттазза патарма бассийра. Цецъюьйлура со: Делан лаам ца хиллехь, иза дийна вуьсур ма вацара. Цуьнгахь шегахь герз ма дацара. Кху деношкхаь сан хIусамдас видео яржийра, полисхоша тхан бизнесна къоладарх а, ша вен гIортарх а лаьцна. Цо дIахьедира, талламаш бечу заманчохь шена цара гранаташ а, лоьлхуьйтурш а кхийсина хиларх а, цунна тоьшаллина, шен туькана хIиттийначу камераша дIаяздинарг а ша Iорадоккхург хиларх. Оцу тIехула сайн цIийндена цара хIинций-хIинций цхьа таIзар дийр ду-кх бохуш, Iаш ю со. Ас юьхьанца дуьйна олуш дара, иза бехке вац.

– ХIинца кхерам боцучу меттигехь дуй шу?

– ГIеххьа ду ала тарло. Со хIинца республикехь яц. Берана дарба дан еана Москвахь ю со. ХIора кхо бутт мел болу дарба лелош ю тхан йоI. ХIуммаъ а атта дац цунна а, даим а стрессехь ю иза. Сайн цIийнден бакъонаш къуьйсур ю ас. Иза а, йоьIан доладар а - сан коьртачу Iалашонех ю. Видеоролик интернетехь яьржинчул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу кеп-кепарчу хьукматашкарчу наха телефонаш еттара соьга, Юнусна динчу тIелатарна шаьш гунахь дац бохуш. ТIаккха космосера схьа детташ хилла герз? Тхан туьканара шаьш дIаяьхна бIе сов бутафорин тапчанаш а, автоматаш а, герз а, берриг а 5 миллион соьмана гIирс бу иза, шаьш схьалур бу бохуш, чIагIо йо кIоштан полисхойн декъо. Амма цкъачунна юхаелла яц.

– Хьуна муха хиира, и видео хиларх?

– Инстаграмехь гира суна дуьххьара. Герз дезачунна ханна луш, хьалха а санна, ас лелош блог ма ю. Тхан мостагIийн а хIуьттарена, бизнес ца сацон гIерта со. Цхьа туька болх беш ма ю хIинца а, тIебогIуш пайда бацахь а, амма суна коьрта ду, тхаьш кхоьруш доций дIахаийтар. Ишта инстаграм кегочу сан бIаьрг кхийтира видеох. Со Iадийнера, йоьхнера со а, иштта, сан нана а, саххиллалц набаран суй ца бира оха. Iуьйранна репрессеш хир ю аьлла, яра сан ойла. И нах чулилхина де - юха а лайча санна, хьийзара со. Дукха хан ма яьллера, иза дийна вуйла ца хууш а.

– Ницкъахоша лелийначунна латкъамаш бинера ахь. Цхьа а реакци хилирий цаьргара?

– Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу стеган кхерамзаллан декъе кхаччалц дIахьедарш динера ас, амма цхьанхьара жоп ца хилира суна. Герз диттинчарна а, туьканна къола динчарна а аьрзнаш динера ас. Полицехь аьлларг дара, Эккажакъонгий-Юьртарчу оха лаьцначу цIийнах цу дийнахь хьовса баьхкина нах бац аьлла. Талламан комитето жоп даллане а ца делира. Амма тIаьхьа хаамбира, Юнусан ненан цIийнах хьоьвсина шаьш аьлла. Ма-дарра аьлча, полисхоша Плиевера а, кхечу ярташкара а тхан туьканаш яьхьнера. Таханалерачу дийне кхаччалц цхьана а кепара экспертизаш йина яц тхан герзан.

– Чиллан-баттахь и инцидент хиллачул тIаьхьа, цхьайолчу хаамийн гIирсаша яздира, хьан цIийнда тIемало ву аьлла. И бакъ ца хилар цхьаьанца а къийсирий ахь?

– ХIаъ, ас кехат чуделира Талламан комитете, РЕН ТВ канална дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор тIедожош. Цара талламаш болийра, юха а дIахьедира, кхойтта денна талламбар дIадахдо шаьш аьлла. Амма хан тIехтилла а дуккха а зама ю, ткъа кхачам боллуш цхьаммо а жоп делла дац хIинца а. Телеканалана компенсаци тIедожаде аьллера ас, иштта къинтIера а даха тхо, шаьш еллачу информацина керста а деш. Суна хетарехь, сан хIусамдас полисхошна дуьхьал герз диттина аьлла, Iораяьккхина информаци, цхьаммо ялийтина хиллера цаьрга. Герз цо диттина ду аьлла, талламчийн карахь цхьана а кепара тоьшаллаш дац. Амма, мухха делахь а, кхело цхьа сацам баллалц, цхьаннан а бакъо яц стагана зуламхо ву ала. Со тешна ю, Юнусера бизнес схьа а яьккхина, иза верхьама долийна хIума ду. Бахьана сиха карийра царна, хIунда аьлча, герз лелош ма аварий иза. Царна бен-башха дац. и герз долуш дерг цахилар а. Бакъду, цара кхоьссина граната-м яра, билггал, хила ма-еззара.

– Цу кепара герз духкуш бизнес хIунда йолийнера хьан цIийндас?

– Оцу хьокъехь тхаьшиннан хилла къамел дагадогIу суна. Цо кхетийра со, боккъал а долчу герзаца адамаша вовшин дойъу ларамза. Масала, ялийна зуда ерзочохь, хIаваэ герз а кхуьйсуш. И ламаст цхьа кхерамза, маьрша даккха хьийзара иза, тойнашкахь нах ца байъийтархьама. Юьхьанца волавелира иза шина тоьпаца а, тапчанца а. Миллионашкахь ахча а доккхуш, салонийн маша а буьллуш, цунах гIуллакх хир ду аьлла, юхьанца ца хетара тхуна. Бакъду, нахана чIогIа тайнера оха долийнарг. Дуккха а клиенташ хилира тхан. Со гуьржи ю, со ца кхета герз кхуьйсучу цу ламастах. Делахь а, иштта ю-кх гIалгIайн менталитет.

– Хьоьгара хIун оьшу полисхошна?

Ницкъаллийн структурийн векалша соьга дехар дира, ша яржочу роликашкахь хьайн майрачуьнга нехан цIераш ма яха алахьара аьлла. Ас боху, цхьана а агIор, айса бохург цуьнга дайта ницкъ бац сан. Социалан машанашкахь ас зорбане доху йозанаш а гуш, деш ду цо шен жамIаш. Цунна шена дика хууш хир ду, цуьнга инструкцеш лойла дац сан, ситуаци дика хууш ву иза ша а. Цуьнца шеца Iоттаделла хIума ду иза, цунна зен хилла, цундела цуьнан шен бакъо ю, ма-хетта лела.

– Хьуо Гуьржийчуьра хиларе терра, цхьана ханна цига дIаяха, ойла хилирий хьан?

– ХIан-хIа. ца хилира. Яда еза аьлла ца хета суна. Байъа лууш болу нах Европехь а карабо. Iедалхойн куьйгаш деха ду. Суна хьалха а туьйсура кухерамаш. Масех шо хьалха Москвахь Кавказан къаьмнийн Оьрсийчоьнан конгрессехь болх беш яра со, бакъонашларъярхо санна. Цхьана дийнахь скинхедашна тIехула критика йинера ас. Цул тIаьхьа кхерамаш а тийсира суна. ХIетахь а ца едира со, тахана а йодур яц.

Дера со кхера ма кхоьру сайн берана цхьаъ хиларна а, да а, нана а доцуш иза йита а ца лаьа суна. Амма со тапъяьлла Iахь а, со ядахь а, хIара хаттар цкъа а цхьалха дер дац. Со ца Iа тапъаьлла а, сан бага цаьрга сацалур яц, хIунда аьлча, тайпанашкахула со сацайойла дац церан, со кхузара ма яц. Ас иштта цаьрга дIахьедина-кх: суна бен-башха дац, суна тIеIаткъамбар а эрна ду аьлла.

Кху артиклехь яздинчух лаьцна ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн мигнистарллера а, Талламан комитетера а комментари яц цкъачунна Кавказ.Реалиин редакцигахь.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG