ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова Наташа йийна 11 шо ду, амма бац зуламхой схьалехна


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, Эстемирова Наташа, 2004 шо, Гезгмашин-беттан 1-ра де

11 шо дуьзина бакъоларъярхо Эстемирова Наташа, Нохчийчохь яда а йина, ГIалгIайчохь йийна.

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъехь цо бен болх ца тайначу наха дира и зулам 2009-чу шеран Товбеца-беттан 15-чу дийнахь.

Оьрсийчуьра тIамца даьхкинчу эскаршкара а, тIемаш бирзича, бухарчу хьаькамаша а шен махкахошна ден зенаш Iорадохуш Эстемирова хьийзарна, цуьнца даима девнехь хуьлура Нохчийчоьнах Москвана хьалха жоп луш болу Iедалхой.

Иза ер массех версица туьдура талламчаша, амма чекхдаккхаза дисина иза йийча айдина бехктакхаман гIуллакх.

Эстемирова ер талла кхайкхина Оьрсийчуьра Iедал дуккхаза а дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматаша, шайлахь Amnesty International а, «Мемориал» центр а, кхийолу бакъоларъярхойн юкъараллаш а йолуш. Дехна зулам Iорадаккхар бевзаш болчу политикаша а, пачхьалкхийн куьйглахоша а. Амма къастийна дац тахана а билггал хьан йийна нохчийн бакъоларъярхо.

Эстемирова Наташа йоцу 11 шо кхачарца доьзна, дагалоьцу иза тахана Оьрсийчуьрчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а бакъоларъярхоша, цуьнан сийнна лерина дIабаьхьина цхьацца барамаш. Амма яц оцу барамийн географехь Соьлжа-ГIала.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG