ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра ши тIеман полисхо лазийна Идлибехь


Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан хан декъера ши эскархо-гIалгIа лазийна Шемарчу Идлибехь. ТIеман полисхой бу уьш. "Главком РИ" телеграм-канало видео яржийна цунах лаьцна.

Эрих олучу меттехула, М4 некъа тIехула чекхдолуш, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а эскархойх лаьтта ха тIенисделла лаьттах йоьллинчу оьккху коьчална. Лазийначаралахь ву Оьрсийчуьра кхо салти а, туркойн эскарера масссех а, хаам бина SITE портало.

  • Ши бутт хьалха Шемарчу бахархоша тIе тIулгаш диттира шайн меттигашкахула чекхйолучу Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан эскархойн машенийн ковранна. Иза дара Алеппо а, Латакийа а кIошташна юккъехула чекхболучу некъа тIехь.
  • Хьалхо Идлибехь меттигерчу бахархоша некъ бихкира цхьаьнатоьхначу Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан хан декъан.
  • 2019 шеран гурахь хаам баьржира, пхоьазлагIа йоьдуш ю ГIалгIайчуьра тIеман полици Шема, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG