ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина Пригожин а, Оьрсийчуьра кхин а ши стаг а, пхи компани а


Пригожин Евгений

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина нахалахь "Путинна кхача кечбийриг" шех олуш волу Пригожин Евгений а, Оьрсийчуьра кхин ши стаг а, пхи компани а. Иштта хаам баржийна Американ финансийн министралло.

Бахьанех цхьаъ иштта довзийтина: Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIертар. Цул совнаха, Пригожин бехкево цо Суданера хьал дохош долу зуламаш лелорна а.

Санцеш кхайкхийначу пхеа фирманашлахь ю Петербургера "М Инвест" а, Суданера, Китайра, Гонконгера компанеш а.

Американ Пачхьалкхан департаментан информацица, Суданера Meroe Gold Cо. Ltd компани уьйрахь ю массара а долалла Пригожинна тIехьош йолчу Оьрсийчуьрчу "Вагнер" компаница (кхечу пачхьалкхашка а лелаш, тIемаш бен долара компани).

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG