Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь дийцаре а дина, низаме дерзийна ГIадужу-беттан 9-чу дийнах "Кавказ Германин фашистех мукъаяьккхина иэсан де" алар.
"Оцу сацамо ца хуьйцу хьал. Кавказ мукъайоккхуш эгнарш, шаьш ма-Iахккара, Iохкуш бу хотешкахь. Уьш схьа а карош, дIабохкар цхьаммо а ца доккху вайна тIера. Проблема кIаргйо архивашкара информаци хIинца а схьайиллина яцаро а", - элира Кавказ.Реалиига Къилбаседа ХIирийчуьрчу тIеман историка-талламчас Акоефф Алинас.
- Кавказ фашистех мукъайоккху болам болийра 1942 шеран Товбеца-беттан 9-чу дийнахь, бирзира тIемаш 1943 шеран ГIадужу-беттан 9-чохь.
- ГIадужу-беттан 9-гIа де Оьрсийчоьнан иэсан терахьийн могIара даккхар дийхира Ставропол-мехкан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а, Адыгейн а парламенташа. Амма Оьрсийчоьнан тIеман министралло къобал ца дира иза, оцу бахьаница реза ца хилира Iедал и де иэсан денойн могIара даккха.
-