ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь исс стаг летта нохчийн кIантах


Германерчу Нойруппин гIалахь лазийна кIант
Германерчу Нойруппин гIалахь лазийна кIант

Нохчийчуьра схьаваьллачу 16 шо долчу кIантанна меттигера кегийрхой тIелатар толлуш ю Германерчу Нойруппин гIалара полици.

Шинарийн сарахь дина и зулам. Массех жимачу стага йиттина, къоладина нохчийн кIантанна. Германехь ненаца а, вешица а ву иза – доьзал хьоьжу пачхьалкхо шена официалехь тховкIело яларе.

Тешаша дийцарехь, исс жима стаг хилла тIелеттарг. Царах цхьаъ – цуьнан 18 шо ду – хIеттехь лаьцна полицино, наркотик яьккхина цуьнгара. Талор динчу меттехь Iуьллуш схьакарийна нохчийн кIентан телефон а, 50 евро ахча а. Шайна полици хааелча, охьакхийсина хилла уьш тIелеттачара.

Полисхоша шайн декъе вигина зен хилларг. Нанас дийцарехь, шен накъостий болчу ваханчуьра вилспетахь цIавогIуш хилла кIант. "Коьртах тоьхна, кхетамчуьра ваьккхина иза, охьавоьжча, тIе буйнаш, мийраш биттина. ТIекхаьчначу полицино, лоьрашна тIевуьгучу метта, шаьш долчу дIавигна. Цо соьга полицера туьйхира телефон, ас, яхана, цигара лоьрашна тIевигира. ЦIий доьссина меттигаш дукха ю цунна тIехь, коьртах йиттина, кхетам талхийначух тера ду, боху лоьро. ПIелгаш а, белш а меттах ца яккхало сан кIанте. Дарбан цIийнехь ву иза хIинца а. Со Германе кхерамах едда еана доьзалца цхьаьна, хIинца кхоьру бераш арадовлийта а", - элира хьалхо Кавказ.Реалиига лазийначу кIентан нанас.

Карарчу хенахь медикаша цIавахийтина кIант, амма кхобу шайн тергонехь.

  • Францерчу Дижонехь йиттира дукха хан йоццуш 16 шо долчу нохчийн кIантанна Къилбаседа Африкера схьабевллачу меттигерчу наха. Оцу бахьаница доккха дов иккхира нохчашний, МагIриберчу наханий юкъахь байначу беттан 10-чу дийнахь.
  • Страсбургерчу нохчийн диаспорин хьалханчаша емалдира Дижонера летарш. Пресс-конференцехь цара кхайкхамбира меттигерчу нохчашка муьлхха а гIуллакх низамехь листаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG