ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 6 стаг велла коронавирусах, 404 цомгуш хилла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 стаг велла, 404 цомгуш хилла.

Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхо вахархо велла Краснодар-махкахь, шиъ – Адыгейхь, цхьаъ – Ставропол-махкахь. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 893 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а коронавирусах цомгуш хилла:

  • Ставропол-мохк +102 (6496 за все время эпидемии)
  • Краснодар-мохк + 67 (6979)
  • ГIалмакхойчоь + 55 (2275)
  • Дагестан + 45 (8647)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 40 (5726)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 25 (4134)
  • ГIалгIайчоь + 22 (3366)
  • Адыгей + 17 (2308)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4303)
  • Нохчийчоь + 15 (1878)

Официало бахарехь, 45 996 стагах хьакхаделла ун Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа. Оьрсийчохь - 752 797 стагах.

Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG