ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

16 шо долу йоI ерна оьмар кхачаяллалц набахтехь латтор ву Адыгейра Курников


Адыгейн Лакхарчу кхело шен сацам дIакхайкхийна, 47 шо долчу Майкоперчу вахархочо Курников Андрейс динчу зуламан мах хадош. Иза бехкевина кхиазхо хьийзорна а, ерна а, къоладарна а.

Шен велла дIаваллалц латтор ву иза набахтехь – иштта ду цунна дина таIзар, элира Кавказ.Реалиига талламан комитетан Адыгейрчу урхаллехь.

Майкоперчу №34 школера 16 шо долу йоI яйра, дешна а яьлла, цIайоьдучу новкъара стохка бIаьста. Пхеа баттахь лийхира иза, гIишлош ечу меттигерчу нехашна бухахь карийра дакъа.

"Гин суна, йоI чуели. Со захало дийца вуьйли. Цо тIе ца оьцу, куьг а ца хьокхуьйту, со дIатетта ели. Туьйхи ас, лаххара а шозза-кхузза", - дийцина талламхошка Курниковс (Талламан комитетан видео).

"Талламо а, кхело а Iорадаьккхина Курников оцу дийнахь мийлина, вехна хиллийла", - хаам бина Адыгейрчу Талламан комитетан урхаллин пресс-векалто.

ЙоI ша хьийзийначул тIаьхьа йийна Курниковс чIерий лоьцучу эвнан тIийригца, лачкъийна цуьнан куьйгах доьхку смарт-сахьт а, ши мобилан телефон а.

Оццу могIарара зулам дарна хьалха а набахти текхна ву Курников - 13 шо чохь даьккхина цо зуда ерна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG