БатIал-Хьаьжин вирдан хьалханча, ГIалгIайчоьнан парламентан депутат Белхороев Якъуб лаьцна ницкъхоша, дIавигна Москварчу "Лефортово" набахте. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиига Iедалерчу хьосто.
Бехк толлур бу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта урхаллехь, ФСБ-но дакъа а лоцуш.
ХIинцале Iедалхой хьаьвсина ГIалгIайчуьрчу СурхохитIерчу Белхороевн цIийнах а, цуьнан а, цуьнан гергарчийн а Москварчу петарех а, цIенойх а.
Хьосташа бахарехь, Бехктакхаман кодексера 210-гIа дакъа дуьхьалдаккха тарло цунна ("зуламаш ден юкъаралла кхоллар"). Цара дийцарехь, социалан товжоечу фондера 17 миллион сом лачкъорца а, Москвахь 7 бутт хьалха ГIалгIайчоьнан Экстремизманна дуьхьалоечу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а верца а доьзна толлучу гIуллакхийн фигурант волчух тера ду иза.
- КIира хьалха БуьритIерачу Ленинан кIоштан кхело магийра 17 миллион сом лачкъорах долчу гIуллакхца доьзна Белхароев Якъуб лаца.
- СурхохитIерчу маьждигара араваьлча лецира Белхароев Москвара баьхкинчу ницкъаша дIадаханчу пIераскана. Бехкаш шена тIе ца эцна Белхароевс.
- 20 000 гергга мурдех лаьттачу, гIалгIаша веза лоручу БатIал-Хьаьжин вирдан хьалханчех ву оцу шайхан кIентан кIант Белхороев Якъуб.